Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо дІатесна а, ца езаш а, цхьа а хьуна чухула чекх а ца волуш хиларан метта, Ас йийр ю хьох гуттаренна а исбаьхьалла а, тІаьхьенашкара тІаьхьенашка хазахетар а долу гІала. И дерриг а Сан куьйго кхоьллина дац? И дерриг а иштта хилла дІахІоьттина дацара? – боху Везачу Эло. – Ша кІезиг хетачуьнга а, дог доьхна волчуьнга а, Сан дашна вегавеш волчуьнга а Сан ларам бу. Декъалбина бу, бакъонна тІаьхьахІиттина аьлла, таІзаре озийнарш – уьш, Стигалийн Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь бу». «Декъалдина ду шу, наха сийсаза дохуш, тІаьхьа а бевлла, харц хабарш а дуьйцуш, Со бахьана долуш бехкедеш лелаш делахь. Хазахетарца даккхийделаш! ХІунда аьлча стигалшкахь йоккха ял хир ю шуна. Иштта хьийзийна пайхамарш а, шул хьалха хилла болу». Дала декъаладо шу, нахана шу ца дезачу хенахь, цара шу лоьхкучу хенахь, шу сийсаздеш, цІе бехъечу хенахь, Адамийн КІантах шу тешна дела. Цо и аьлча, Цунна дуьхьалболчу нахана эхь хийтира. Ткъа чохь берш самукъадаьлла, хазахеташ бара Іийсас и тамашийна гІуллакхаш дарх.
Выбор основного перевода