Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса шуьга дуьйцура, амма аша соьга ла ца дуьйгІира. Ас сайн куьг шуьга дІакховдийра, амма соьга ладугІуш стаг вацара. Ас туьра кІел дохуьйтур ду. Шу массо а дойур ду, хІунда аьлча Ас кхайкхича, аша жоп ца делира, Ас къамел дича, аша ла ца дуьйгІира. Суна зуламе хеташ дерг а деш, Суна цадезарг хоржуш а дара шу». И дерриг а вонаш деш шу лелаш долчу хенахь, – боху Везачу Эло, – Аса дукхазза а бехира шуьга, амма аша ла ца дуьйгІира. Со шуьга кхойкхура, амма аша Суна жоп ца лора.
Выбор основного перевода