Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іезар а, цуьнан накъостий а Бавел-гІалара арабевллера шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь, ткъа уьш Ярушалайм-гІала схьабаьхкинера пхоьалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь, хІунда аьлча Шен диканца Дела цуьнца вара. Тхан некъаш тІехь мостагІий хила мегара, делахь а суна чІогІа эхь хетара Артахь-Шашта-паччахье тхо новкъахь лардайта эскар а, дошлой а беха, хІунда аьлча оха паччахье аьллера: «Тхан Дала хІора Иза лоьхучунна диканиг до. Амма Цуьнан нуьцкъалалла а, оьгІазло а Цунна букъ берзийначунна дуьхьал ер ю». Шеран хьалхарчу беттан шийтталгІачу дийнахь АхІава-хи долчуьра Ярушалайме даха арадевлира тхо. Некъ чекхбаллалц Дела тхоьца вара, тхо мостагІех а, талорхойх а лар а деш. Вайн синкъераман гуламаш хуьлучу гІалане Цийоне дІахьажал. Хьан бІаьргашна Ярушалайм гур ю, иза машаре меттиг а, меттахдаккхалур доцу четар а ду. Иза чІагІдеш тоьхна долу хьостамаш цкъа а схьадевр дац, цуьнан цхьа а муш хедар бац. Веза Эла массо а халкъана оьгІазвахана ву, церан эскаршна дуьхьалъяьккхина ю Цуьнан дералла. Цо уьш берриш а хІаллакбан билгалбехира, уьш байа дІабелира. Везачу Эло кІелхьарбаьхнарш юхабоьрзур бу, хазахетарца кхойкхуш Цийон-гІалина чу гІур бу. Гуттаренна а долу ирс церан кортош тІехь хир ду. Самукъадалар а, хазахетар а царна тІаьхьакхуьур ду, сингаттам а, узарш а царах дІакъаьстар ду. Ахь мах баларца паргІатбаьхнарш юхабоьрзур бу. Эшаршца Цийон-лам тІе богІур бу уьш, гуттар а долу хазахетар хир ду церан кортош тІехула. Хазахетар а, самукъадалар а карор ду царна, сингаттам а, даккхий синош дахар а дІадевр ду. Веза Эла гуттар а хьан тхьамда хир ву. Цо, йокъа хІоьттича, хьуна оьшург латтор ду, хьан даьІахкаш чІагІйийр ю, тІаккха хьо хих Іабийна беш санна а, цкъа а хи ца кхачош долу хьоста санна а хир ву. Иштта шу а хІинца гІайгІане ду, амма Суна юха гур ду шу, тІаккха хазахетар хир ду шун дегнашна. И шун хазахетар цхьаммо а дІадоккхур дац шуьгара.
Выбор основного перевода