Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Мqac*аргІалдоьлла аренан зезагаш санна, Іесанаш хІаллакьхир бу. Везачу Элан мостагІий, кІур санна, дІабовр бу. Даим цу халкъо юьхь-дуьххьал сийсазво Со, езачу бошмашкахь сагІанаш а дохуш, кибарчигех кечйиначу меттигашна тІехь хаза хьожа йогІу хІума а ягош, къуббанаш юкъахь а Іаш, къайлахчу меттигашкахь буьйсанаш а йохуш. Цара хьакхин жижиг а доу, хьарамчу кхачанах йина чорпа а ю церан еш чохь. Цара боху кхечаьрга: „Совца, суна тІе ма дуьйла, со дукха веза ву шуна хьалха!“ Уьш Ас хьожа йоккхуш болу кІур бу, дерриг а дийнахь йогуш йолу цІе ю.
Выбор основного перевода