Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иисус Навин
Параллельные места
Исраилхоша эмархошна тІехь дийриг дерриге а гинера Ципуран кІантана Балакхана. ЯхІудан тайпанна юххехь Иссарханан тайпано шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду ЦуІаран кІанта Натунаила. ХІунда аьлча шу Мисар-махкара схьадогІучу хенахь уьш баьпкаца а, хица а дуьхьал ца баьхкинера шуна. Цара Арам-НахІараймерачу Патур-гІалара БеІаран кІант волу БалиІам лаьцна дуьхьал а валийнера, шуна неІалт кхайкхадайтархьама. Ткъа хьо муабахойн паччахь волчу Ципуран кІантал Балакхал тоьлуш ву? Исраилхошца барт эгІар хиллий цуьнан, я тІом бина цо цаьрца? Сан халкъ! Дагадаийтахьа Муаби-мехкан паччахьо Балакха дагалаьцнарг. Цуьнга хІун жоп делира БеІаран кІант волчу БалиІама? ХІун хуьлура Шитимера Галгале кхаччалц, Делан бакъдолу гІуллакхаш хьуна довзийтархьама?»
Иисус Навин
Выбор основного перевода