Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иисус Навин
Параллельные места
Балакха БалиІаме элира: «Ахьа суна дийриг хІун ду те? Аса сайн мостагІашна неІалт кхайкхадайтархьама схьавалийна хьо, ткъа хьо уьш декъалбеш ву?» И халкъ декъалдар тІедиллина суна. Дала уьш декъалбина хилча, сан йиш яц иза хийца. БалиІамна гора, Исраилан халкъ декъалдар Везачу Элана тамехь хилар, цундела цо, ша хьалха шозза деш ма-хиллара, пал а ца тосуш, шен юьхь яьссачу аренгахьа ерзийра. ТІаккха Балакх чІогІа дарвелира БалиІамна. Шен куьйгаш вовшах а тухуш, цо БалиІаме элира: «Аса сайн мостагІашна неІалт хьажо схьавалийнера хьо, ткъа ахьа хІинца кхозлагІа а уьш декъалбеш бу.
Иисус Навин
Выбор основного перевода