Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иисус Навин
Параллельные места
Хан тІекхаьчча, Ребикхас шала ши кІант вира. Дуьххьарлераниг цІиэн вара, дерриг а дегІа тІехь чоьш а долуш. Цуьнан цІе Іесав тиллира (иза «чоьшдерг» бохучух тера ду). ШолгІаниг дуьнен чу волуш, Іесаван кІажа а лаьцна схьавелира. Цундела цуьнан цІе Якъуб тиллира (и ду «КІажалоцург» бохург). И шиъ винчу хенахь Исхьакхан кхузткъа шо дара. Иштта, дІавахна, СеІир-махкахь ваха хиира Іесав (я Эдом). КанаІан-махкахь гулдина даьхни а, бахам а шайца схьаийцира цара. Шен ерриг а тІаьхьенца Мисар-махка веара Якъуб. Цо шеца шен бераш а, берийн бераш а – ерриг а тІаьхье дІайигира. Аша цаьрца тІом ма болабелаш, хІунда аьлча Ас церан латтанех ког тІебиллал а латта лур дац шуна. СеІир-лаьмнаш – иза Эдом-мохк бу – Ас Іесаван тІаьхьенна дІабеллера иза, цуьнан долахь хилийтархьама.
Иисус Навин
Выбор основного перевода