Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иисус Навин
Параллельные места
Амма, шун Везачу Дала делла массо а ваІда кхочуш-ма-хиллара, Шен кхерамаш а кхочушбийр бу Цо. ТІаккха Ша деллачу исбаьхьчу лаьтта тІера Цо тІепаза дойур ду шу. Ткъа хьуна, сан кІант Сулим, вовзийла хьайн ден Дела. Хьайн доллучу синца а, доггах а Далла гІуллакх де, хІунда аьлча Везачу Элана хаьа хІораннан а даг чохь дерг а, цуьнан ойланаш а евза Цунна. Нагахь ахьа Веза Эла лахахь, Цо Ша каравойтур ву хьуна. Амма Шегахьара Хьо дІаверзахь, Везачу Эло гуттаренна а дІатосур ву хьо. Ара а ваьлла, Асина тІе а вахана, цо элира: «Аса-паччахь, ахьа а, массо а яхІудхоша а, бен-яманхоша а, ладогІа соьга! Веза Эла а шуьца хуьлу, шу Цуьнца хилча. Аша И лахахь, шуна карор ву Иза. Ткъа аша Иза дІатасахь, Цо шу а дІатосур ду. Тхан некъаш тІехь мостагІий хила мегара, делахь а суна чІогІа эхь хетара Артахь-Шашта-паччахье тхо новкъахь лардайта эскар а, дошлой а беха, хІунда аьлча оха паччахье аьллера: «Тхан Дала хІора Иза лоьхучунна диканиг до. Амма Цуьнан нуьцкъалалла а, оьгІазло а Цунна букъ берзийначунна дуьхьал ер ю». Далла дуьхьал бевлларш а, къинош летийнарш а лийр бу, Веза Эла дІатеснарш хІаллакбийр бу. Амма цара, дуьхьал а бевлла, халахетар дира Цуьнан Дезачу Синна. Цундела Цунах церан мостагІа хилира: Иза Ша цаьрца тІом беш дара. Ткъа шу, Со дІа а тесна, Сан беза лам биц а бина, Гада-цІунна кхача кечбеш дерш а, Мени-цІунна чагІаран кад луш дерш а, Ас туьра кІел дохуьйтур ду. Шу массо а дойур ду, хІунда аьлча Ас кхайкхича, аша жоп ца делира, Ас къамел дича, аша ла ца дуьйгІира. Суна зуламе хеташ дерг а деш, Суна цадезарг хоржуш а дара шу». Веза Эла, Хьо Исраилан сатуьйсийла ю. Хьо витинарш юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Хьох дІабевллачеран цІераш эхарте дІаязйина ю, хІунда аьлча шайна цІеначу хин хьоста хилла лаьттина волу Веза Эла цара витина.
Иисус Навин
Выбор основного перевода