Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иисус Навин
Параллельные места
Исраилхошна эскарца шайна тІевогІу пирІун гира. Кхера а белла, Везачу Эле кхайкхира уьш. Мисархошна а, исраилхошна а юккъе хІоьттира марханийн бІогІам. Мисархой болчохь марха а, бода а бара, ткъа исраилхой болчохь серло яра. Буьйса дІаяллалц тІеттІа ца бахара уьш. Мусас шен куьг хІорда тІехула лаьцча, Іуьйре хуьлуш хи шен метте юхадеара. Мисархой хих бевдда боьлхура, амма Везачу Эло, хин буха а бахийтина, хІаллакбира уьш. Шен метте юхадеанчу хино гІудалкхаш а, дошлой а къайлабехира. Исраилхошна тІаьхьадаьллачу пирІунан эскарх цхьа а дийна ца висира. Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечунна тІехь шу декъалдина. Цо шун дола дина хІокху йоккхачу а, кхерамечу а яьссачу аренгахула шу леллачу хенахь. ХІара шовзткъа шо ду шун Веза Дела шуьца волу. Шу цхьана а хІуманна тІехь эшам ловш дацара. Вай Кхадеш-БарнаьІара арадевллачу хенахь дуьйна Зерад-татол долчу тогІенехула чекхдовлучу ханна тІекхаччалц, ткъе берхІитта шо дІадаьлла. Вайн къомана юкъара тІаме дахалуш мел хилла гаранаш хІаллакьхилла, Везачу Эло царна чІагІо йина ма-хиллара. Зе дарца а, билгалонаш гайтарца а, тамашийна хІуманаш дарца а, тІом барца а, ондачу куьйгаца а, дІакховдийначу пхьаьрсаца а, чІогІачу къематашца а кхин муьлха дела маца гІиртина те, кхечу къомах паргІат а даьккхина, цхьа къам шен дола даккха? Делахь а, и дерриге а шун бІаьргашна хьалха дина-кх шун Везачу Дала, шу Мисар-махкахь долуш! Берриг а исраилхой схьа а гулбина, Мусас цаьрга иштта элира: «Шуна гина Везачу Эло шуна хьалха Мисар-махкахь пирІунца а, цуьнан ялхошца а, цуьнан дерриге а лаьттана а мел динарг. Исраилхой шовзткъа шарахь лийлира яьссачу арахула, Мисарара арабевлла, тІом балуш болу божарий белла дІабовллалц. Цара Везачу Эле ла ца доьгІнера, цундела Цо церан дайшна Ша лур ду аьлла чІагІо йина, шуьрех а, мазах а дуьзна токхе долу латта ган царна бакъо ца елира.
Иисус Навин
Выбор основного перевода