Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иисус Навин
Параллельные места
БІе дато ахча а делла, Шехеман дегара, Хьамуран доьзалера латта ийцира Якъуба. Цу тІехь шен четар дІахІоттийра цо. Юсупа элира вежаршка: «Со леш ву, амма Дала шуна гІо дийр ду. Кху лаьтта тІера Ша ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а чІагІонца деллачу лаьтта тІе шу дІадуьгур ду Цо». Исраилан кІенташка чІагІо а яйтина, Юсупа элира: «Дала шуна билггал гІо дийр ду, тІаккха аша сан даьІахкаш кхузара дІаяхьа еза». Мусас шеца Юсупан даьІахкаш схьаийцира, хІунда аьлча Юсупа чІагІо яйтинера исраилхошка: «Дала шу кІелхьардохур ду. Шаьш дІадоьлхуш, кхузара сан даьІахкаш дІахьолаш», – аьлла. Церан декъий Шехеме схьа а деана, ИбрахІима, дато ахча а делла, Хьамуран кІенташкара эцначу Шехемехь йолчу къубба чу дехкира.
Иисус Навин
Выбор основного перевода