Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иисус Навин
Параллельные места
Цу махкахула дІа а вахана, Шехем цІе йолу гІала йолчу а, МорахІ цІе йолу ножан деза дитт долчу а кхечира Ибрам. Цу лаьтта тІехь Іаш бара канаІанхой. Іуьйранна хьалххе хьалагІаьттина, ша дІавуьжуш коьрта кІел биллина тІулг ирхберзийна дІахІоттийра цо. Цу тІе даьтта а доьттина, и тІулг Далла лерина битира Якъуба. Шайгахь болу хийра цІуш а, лергара чІагарш а Якъубе дІаелира цара. Цо уьш Шехем-гІали уллохь ножан дитта кІел лаьттах дІайоьхкира. Мусас, хІокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш чекхдовллалц тептар тІе яздина ша ваьлча, Цул тІаьхьа Шехеман а, Байт-Миллонан а бахархоша цу гІалина генахь доццуш лаьтташ долчу ножан дитт долчохь Абу-Малик шайн паччахь вина дІахІоттийра.
Иисус Навин
Выбор основного перевода