Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иисус Навин
Параллельные места
Оццу дийнахь Везачу Эло Мисар-махкара арабехира исраилхой, тІеман бІо санна. «Исраилхошка дІаала, юха а дерзий, Пи-ХІахьират олучу меттехь совца, буьйса Мигдол цІе йолчу меттигний, хІорданий юккъехь, БаІал-Цепонна уллохь яккха. ПирІунна моьттур ду, исраилхой, цу махкахь тила а белла, яьссачу арено юкъалаьцна бу. Ас пирІунан дог чІагІдийр ду, тІаккха иза шуна тІаьхьавер ву. Ткъа Сайн сийлалла Ас пирІунехула а, цуьнан эскарехула а гойтур ю. ТІаккха мисархошна хуур ду Со Веза Эла вуйла». Везачу Эло ма-бохху дира исраилхоша. Мисаран паччахье, пирІуне, хаийтира, исраилхой бевдда аьлла. ПирІунан а, цуьнан уллорачеран а исраилхойх йолу ойла хийцаелира. «И хІун ду вай динарг? ХІунда бахийти вай уьш дІа? ХІинца вайна болх бан нах а бац», – бохура цара. Шен гІудалкх дІа а йожийтина, тІемалой вовшахтуьйхира пирІуно. Ялх бІе тоьлла тІеман гІудалкх а, Мисарахь йолу ерриг а гІудалкхаш а, царна тІехь болу куьйгалхой а шеца схьаийцира цо. Везачу Эло дог а чІагІдина, исраилхошна тІаьхьаваьллера пирІун. Ткъа исраилхой майрра дІабоьлхуш бара. Мисархой шайн гІудалкхашца а, дошлошца а, дерриг а эскарца а исраилхошна тІаьхьабевллера. Пи-ХІахьират олучу меттигна уллохь, БаІал-Цапонна хьалха царна тІаьхьакхиира уьш. Исраилхошна эскарца шайна тІевогІу пирІун гира. Кхера а белла, Везачу Эле кхайкхира уьш. Цара элира Мусага: «Мисарахь дІадохка меттиг а ца хилла, кхуза, яьссачу ара далийта далийна ахь тхо? ХІара хІун ду ахь тхуна динарг, цигара ара а даьхна? ХІара хир ду ца бехира оха хьоьга вай Мисарахь долуш? „Дитахьа, дацийтахьа тхо мисархошна“, – ца бехира оха? Мисархойн лоллехь хилар гІоле дара-кх тхуна, яьссачу арахь лечул». Амма Мусас халкъе элира: «Кхера а ца кхоьруш, дІахІиттий латта, Везачу Эло тахана шаьш кІелхьардахар гур ду шуна. ХІинца гуш болу мисархой кхин цкъа а гур бац шуна. Везачу Эло шун дуьхьа тІом бийр бу, шун хІумма а дан ца деза». Везачу Эло Мусага элира: «Соьга хІунда кхойкху хьо? Исраилхошка дІадуьйлало ала. Ткъа ахь хьайн некъан Іаса хІорда тІехула дІалаца. ХІорд бекъа а белла, исраилхой цунна бухахь долчу лаьтта тІехула чекхбевр бу. Ас мисархойн дегнаш чІагІдийр ду, тІаккха уьш исраилхошна тІаьхьагІур бу. Сайн сийлалла гойтур ду Ас, пирІунна а, цуьнан эскарна а, гІудалкхашна а, дошлошна а тІехь толам а баьккхина. Аса пирІунна тІехь а, цуьнан гІудалкхашна тІехь а, цуьнан дошлойшна тІехь а Сайн сийлалла гайтича, тІаккха хуур ду мисархошна Со вуйла Веза Эла». Исраилхошна хьалхадаьлла хилла Делан Малик царна тІехьа хІоьттира, тІаккха юьхь-дуьхьал хилла марханийн бІогІам а нахана тІехьа хІоьттира. Мисархошна а, исраилхошна а юккъе хІоьттира марханийн бІогІам. Мисархой болчохь марха а, бода а бара, ткъа исраилхой болчохь серло яра. Буьйса дІаяллалц тІеттІа ца бахара уьш. Мусас хІорда тІехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чІогІа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хІорд дІаса а бекъабалийтина, латта дакъийра. ХІорда юккъерачу лаьтта тІехула дІабахара исраилхой. Пен а хилла лаьтташ, аьрру а, аьтту а агІор хи дара царна. ТІаьхьабевлла богІу мисархой шайн ерриг а говрашца, гІудалкхашца, дошлошца хІорда юккъе бевлира. Іуьйранна марханийн а, цІеран а бІогІамна юккъера чухьаьжначу Везачу Эло мисархой, бохийна, баржийра. Цо тІера чкъургаш дІайовлийтина дела, мисархойн гІудалкхаш чохьйиснера, уьш хала текхайора цара. «Исраилхой болчуьра довда деза! – бохуш, маьхьарий хьоькхура цара. – Цаьргахьа волу Веза Эла вайна дуьхьал леташ ву!» Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг хІорда тІехула лаца, тІеттІа хьаьддачу хино мисархой шайн гІудалкхашца а, дошлошца а дІахьулбийр бу». Мусас шен куьг хІорда тІехула лаьцча, Іуьйре хуьлуш хи шен метте юхадеара. Мисархой хих бевдда боьлхура, амма Везачу Эло, хин буха а бахийтина, хІаллакбира уьш. Шен метте юхадеанчу хино гІудалкхаш а, дошлой а къайлабехира. Исраилхошна тІаьхьадаьллачу пирІунан эскарх цхьа а дийна ца висира. Амма хІорд бекъабелча гучудаьллачу лаьтта тІехула дехьабевллера исраилхой, аьтту а, аьрру а агІор хи хиллера царна, пен хилла лаьтташ. Цу дийнахь Везачу Эло исраилхой мисархойх кІелхьарбехира. ТІаьхьо исраилхошна хІордан берда тІехь мисархойн декъий гира. Везачу Эло мисархой эшийча, хиира исраилхошна Цуьнгахь мел ницкъ бу, цундела Везачу Элах а, Цуьнан ялхочух Мусах а кхера а белла, цу шиннах тийшира уьш.
Иисус Навин
Выбор основного перевода