Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иисус Навин
Параллельные места
Везачу Эло элира Ибраме: «Хьайн мохк а, халкъ а, ден цІа а дІа а тасий, Ас хьайна гойтун болчу махка дІагІо. Ас хьох схьадаьлла доккха халкъ кхуллур ду, хьо декъал а вийр ву, хьан цІе а ойур ю, наха а хьан цІарца вовшийн декъалбийр бу. Ас декъалбийр бу хьо декъалвеш берш, неІалт а эр ду хьуна неІалт кхайкхочарна, дуьнен чуьра массо а халкъ хьоьгахула декъал а дийр ду». Везачу Элан лаам кхочушбеш, ХІаран-гІалара дІавахара Ибрам. Цуьнца ЛутІа а вахара. Ибраман цу хенахь кхузткъе пхийтта шо дара. Цо шен зуда Сарет а, вешин кІант ЛутІа а вигира шеца. ХІаранехь ша да мел волу хІума схьаийцира цо. Шен долахь болу леш а дІабигира цо. Ибрам а, цуьнца берш а, ХІаран-гІала дІа а тесна, КанаІан цІе йолчу махка баьхкира. Цу махкахула дІа а вахана, Шехем цІе йолу гІала йолчу а, МорахІ цІе йолу ножан деза дитт долчу а кхечира Ибрам. Цу лаьтта тІехь Іаш бара канаІанхой. Цул тІаьхьа, Ибрам четар кІелара ара а ваьккхина, элира Цо: «ДІахьажал стигала, дагардел цигара седарчий, хьайга дагардалахь! Оццул дукха хир ю хьан тІаьхье». ИбрахІим къена воллушехь, Сарата, доьзалхочух а хилла, цунна кІант вира. Дерриг а Дала аьллачу хенахь хилира. Сарата винчу кІентан цІе Исхьакх (иза Іебархойн маттахь «диэлар» бохург ду) тиллира ИбрахІима. Тапас жоп делира: «Вежарий а, дай а! Доьху сайга ладогІар. Вайн да ИбрахІим Месопотамехь волуш, Олаллин нуьрехь Дела хІоьттира цунна хьалха. Цу хенахь ИбрахІим ХІаран-гІала дІавахаза вара. „Хьайн мохк а, гергарнаш а битий, Аса хьайна гойтун болчу махка дІагІо“, – элира Дала ИбрахІиме. Хашадхойн мохк дІа а тесна, ХІаран-гІала дІавахара ИбрахІим. Цул тІаьхьа, цуьнан да кхелхича, Дала иза хІинца шу Іаш долчу махка хьажийра.
Иисус Навин
Выбор основного перевода