Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иисус Навин
Параллельные места
Лабана элира: «ХІара тІулгийн оьла тахана вайшинна юкъахь болчу бертан теш ю». Цундела аьлла цунах ГалІад (иза «тоьшаллин оьла» бохург ду). И тІулгийн оьла а, и боккха тІулг а тоьшалла ду со оцу тІулгел дехьа – хьан агІор вериг ца хилар хьуна зен дан. Хьо а вер вац цу тІулгел сехьа суна зен дан. Дийнаташ дагоран а, кхин долу а сагІанаш дохуш а, совгІаташ луш а Везачу Элана гІуллакх деш тхо хиларан тхуна а, шуна а, вайн тІаьхьенашна а иза теш хилийта, тІейогІучу хенахь шун кІенташка тхайчаьрга ца алийта: „Везачу Элехь шун дакъа дац“. Оха бохура, нагахь тхоьга а, тхан тІаьхьенашка а тІейогІучу хенахь иштта алахь, оха эр ду: „Везачу Элана леринчу кхерчан кепехь бина кхерч гой шуна? Иза тхан дайша дийнаташ дагоран а, кхечу тайпанан сагІанашна а лерина ца бина, тхуна а, шуна а юкъахь теш хилийта бина“. Шаьш бинчу кхерчан цІе Теш тиллира Раабанан а, Гадин а тайпанаша, хІунда аьлча иза Веза Эла церан Дела хиларан теш бара.
Иисус Навин
Выбор основного перевода