Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иисус Навин
Параллельные места
Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Іамал а ма е, цу нахах дІа а ма тарло. Мелхо а, церан цІуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хІиттийна тІулгаш кегде. Я цаьрца а, я церан деланашца а барт ма бе. Хьан махкахь уьш буьтийла дац, Суна дуьхьал хьоьга къинош ца летадайта, хІунда аьлча церан деланашна ахь Іамал яхь, иза хьуна боьгІна гур хир бу». Уьш хьуна гонах долчу, хьуна уллохь а, генахь а долчу, дуьненан цхьана йистера вукху йистехь долчу халкъийн деланаш хила мега. Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь стаг я зуда, доьзал я тайпа хІинца чул тІаьхьа шайн Везачу Делах дог дІа а дерзийна, вукху халкъийн деланашна гІуллакх дан оьхурш. Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь и санна долу хІума кхуьуьйтун болу къаьхьа а, дІаьвше а орам. Дерриг а халкъе ЮшаІа элира: «Везачу Эло, исраилхойн Дала, иштта боху: „Эпрат-хил дехьа дукха хенахь дуьйна Іийна шун дай. ИбрахІиман а, Нахьиран а да ТІахьир а Іийна цигахь. Цара кхечу деланашна Іамал йора. Ас шуьга элира: ‘Со ву шун Веза Дела. Іамал ма елаш шаьш Іаш долчу эмархойн лаьттара деланашна’. Амма аша ла ца дуьйгІира Сан озе“». НуІмата Рутига элира: «Хьажал, хьан кхин юхайирзи шен нахана тІе а, шен деланашна тІе а. Хьайн кхинна тІаьххье дІагІо хьо а». Эли-ЯхІу-пайхамаро, дерриг а халкъана хьалха дІа а хІоьттина, элира: «Шу дукха лелар дуй те шинна а когана астагІа лелхаш? Нагахь санна Веза Эла Дела велахь, Цунна тІаьхьахІитта. Ткъа Иза БаІал велахь, цунна тІаьхьахІитта». Халкъо цхьа а дош ца элира цуьнга. Ткъа хьо, Исраилан халкъ, – боху Хьалдолчу Эло, – дало, шух хІора, шайн цІуйн гІуллакх а деш лела! Амма цул тІаьхьа, аша Соьга ла ца догІахь, Сан еза цІе аша кхин сийсазйохур ма яц шайн сагІанашца а, шайн цІушца а!
Иисус Навин
Выбор основного перевода