Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иисус Навин
Параллельные места
Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. Цуьнан тидам а бе, Цуьнга ла а догІа. Дуьхьало ма е Цунна, хІунда аьлча Цо оцу къинна гечдийр дац, Цуьнца Сан цІе хиларна. «ДІаала массо а исраилхошка: „ЦІена хила, хІунда аьлча Со, шун Веза Дела, цІена ву. ХІунда аьлча шун Веза Дела – Иза массо а хІума ягийна дІайоккхур йолу цІе ю, Иза эмгаралла йолу Дела ву. хІунда аьлча шуна юкъахь хуьлуш волу Веза Дела эмгаралла йолу Дела ву. Шу кхечу деланашна тІедерзахь, Иза, латийна цІе санна, дарлур а ву, Цо дуьнен тІера дІадохур а ду шу. Байт-Шамашерачу бахархоша элира: «Везачу Элана хьалха латта мила хьакъ ву? Иза Сийлахь Дела ма ву! Вай долчуьра хьанна тІе хьур ду Везачу Элан деза тІорказ?» Вазвейша вайн Веза Дела, Цуьнан когийн кІелонна хьалха Іибадат дейша, Дела веза ма ву! Вазвейша вайн Веза Дела! Іибадат дейша Цуьнан безачу лома тІехь, хІунда аьлча веза ву вайн Веза Дела. Ткъа массо а ницкъийн Веза Эла вазвийр ву Цо нийсо лелош хиларца, Везачу Дала бакъдерг лелорца Шен возалла гойтур ду. Вовшашка кхойкхуш, бохура цара: «Веза ву, веза ву, веза ву массо а ницкъийн Веза Эла! Дерриг а латта Цуьнан сийлаллех дуьзна ду!» Веза Эла – эмгаралла йолу Дела а, бекхамхо а ву. Бекхам бийриг а, дераллах вуьзнарг а ву Иза. Шена дуьхьалболчарна бекхам а бо Цо, мостагІашна дуьхьал моха а латтайо Цо.
Иисус Навин
Выбор основного перевода