Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иисус Навин
Параллельные места
ХІинца Ас хьо пирІунна тІе вохуьйту. Ваха а гІой, Мисарара Сан халкъ, Сан халкъ долу исраилхой, Мисарара арабаха». Веза Эла Мусана оьгІазвахара, Цо элира: «Левин тІаьхьенах а волуш, АхІарон цІе йолуш ваша вац хьан? Суна хаьа иза къамел далуш вуйла. Иза хьуна дуьхьал вогІур ву, хьо гича, цунна хазахетар ду. Амма пирІунан дог а чІагІдина, Мисар-махкахь дуккха а Сайн билгалонаш а, тамашийна хІуманаш а гойтур ду Ас. Буьйса юккъе яхача, Везачу Эло Мисар-махкахь массо а хьалха вина кІант валийтира, паччахьан гІантахь Іаш волчу пирІунан хьалхарчу доьзалхочунна тІера набахти чохь волчу стеган доьзалхочунна тІекхаччалц. Хьалха дуьнен чу даьлла боьрша даьхни а далийтира. Оццу дийнахь Везачу Эло Мисар-махкара арабехира исраилхой, тІеман бІо санна.
Иисус Навин
Выбор основного перевода