Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иисус Навин
Параллельные места
лакхара догІу хи, саца а сецна, геннахь, ЦІартан-гІалина уллора Адам-гІала йолчохь, пен а хилла, дІахІоьттира. Шерачу аренашка а, Дуьрачу хІорда чу а доьдуш долу хи, дІа а дахана, дІаделира. Нах Ерихон-гІалина дуьххьал хих дехьабовлуш бара. Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ дахьаш богІу динан дай Йордан юккъехь декъачу лаьтта тІехь севцира, берриш а исраилхой декъачу лаьтта тІехула Йорданах дехьабовллалц. Везачу Эло ЮшаІана тІедиллинера дан дезарг халкъе дІаалар, Мусас ЮшаІе весет ма-дарра. Дерриг а чекхдаллалц, тІорказ эцна боьлху динан дай Йордан-хина юккъехь лаьттира. Ткъа халкъ цу хенахь сихха хих дехьадолуш дара. Нах дехьабевллачул тІаьхьа, Везачу Элан тІорказ юха а халкъана хьалхадаьккхина дІадаьхьира динан дайша. Раабанан а, Гадин а тІаьхьенаш а, Маннашан тІаьхьенах ах нах а, исраилхошна хьалха а бевлла, герзашца хих дехьабевлира, Мусас шайна тІе-ма-диллара. ТІамана кечвелла шовзткъа эзар герга стаг, Везачу Элана хьалхахула чекх а ваьлла, Ерихонан аренашка тІом бан вахара. Везачу Эло ЮшаІе элира: «Ас хьан кара дІало Ерихон-гІала шен паччахьца а, тІемалошца а. Исраилхоша баьхначу толамех лаьцна шена хезча, Хьацор-гІалин паччахьо Ябина шен хьадалчаш бахийтира Мадон-гІалин паччахьна Ябабна а, Шимрон-гІалин паччахьна а, Ахишапан паччахьна а, къилбаседехьа лаьмнаш тІехь Іаш болчу паччахьашна а, Іариба-тогІи чохь Канаротана къилбехьа йолчу агІор Іаш болчу а, лаьмнийн когашкахь а, малхбузехьа Напат-Дорехь а Іаш болчу паччахьашна а тІе. Цул сов, малхбалехьа а, малхбузехьа а Іаш болчу канаІанхошна а, эмархошна а, хьетахошна а, перезахошна а, акъареш тІехь Іаш болчу явсайхошна а, МицІпа-кІоштара Хьермон-ломан когашкахь Іаш болчу хьаьвихошна а тІе бахийтира цо шен нах.
Иисус Навин
Выбор основного перевода