Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иисус Навин
Параллельные места
ХІара ду ТІахьиран тІаьхьенах хилларг. ТІахьиран кІентий хиллера Ибрам а, Нахьир а, ХІарон а. ТІаккха ХІаронан кІант ЛутІа хилира. ХІарон дІакхелхира ша винчу Хашад-махкара Ур-гІалахь, шен да ТІахьир дуьненчохь а волуш. Ибрама а, Нахьира а шайна зударий балийра. Ибраман зудчун цІе Сарет яра, ткъа Нахьиран зудчун цІе Малкан яра. Малкан а, Йиска а ХІаронан ши йоІ яра. Сарет доьзалхо хуьлуш яцара, цуьнан цхьа а бер дацара. ТІаккха ТІахьир, шеца шен кІант Ибрам, шен кІентан ХІаронан кІант ЛутІа а, нус Сарет а (шен кІентан Ибраман зуда), эцна, Хашад-махкара Ур-гІалара КанаІан-махка ваха аравелира. Амма ХІаран-гІала кхаьчча, цигахь севцира уьш. ХІаран-гІалахь шен ши бІе пхи шо долуш ТІахьир дІакхелхира. Хьо хьайн ден цІа кхача сихвелла дела дІавахана хуьлуьйтур вай, амма сан цІуш хІунда лачкъийна ахь?» Шен доьзале а, шеца болчаьрга а Якъуба элира: «ДІакхийса шайгахь болу хийра цІуш, цІан а лой, тІера бедар а хийца.
Иисус Навин
Выбор основного перевода