Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иисус Навин
Параллельные места
Дерриг а халкъо, цхьа барт а хилла, элира: «Везачу Эло бохург дерриг а кхочушдийр ду оха». Халкъо аьлла дешнаш Везачу Эле хаийтира Мусас. Халкъана тІе а веана, Везачу Элан коьрта дешнаш а, Цо тІедиллинарг а довзийтира Мусас. Массара а, цхьаммо санна, элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а оха кхочушдийр ду». Шаьш Везачу Элаца бина барт тІеязбина тептар, схьа а эцна, дийшира Мусас. Наха элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а деш, Цунна муьтІахь хир ду тхо». ТІе а верзий, ладогІа вайн Везачу Дала хьайга мел бохучуьнга. ТІаккха тхоьга схьадийца вайн Везачу Дала хьайга мел дуьйцуш дерг, ткъа оха ла а дугІур ду, и дерриге а кхочуш а дийр ду“.
Иисус Навин
Выбор основного перевода