Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса элира: «Сан Дела! Сайна эхь хетарна со Хьоьга дІа ца хьажало, хІунда аьлча тхан къинош тхан коьртал а лакхадевлла, ткъа тхан бехк стигалал а лакхабаьлла. Тхан дайшкара дуьйна таханлера де тІекхаччалц, оха даккхий къинош летийна. И къинош бахьана долуш тхо а, тхан паччахьаш а, тхан динан дай а кхечу махкара болчу паччахьийн кара дІаделира Ахь. Уьш тхуна тІе а летара, тхан нах цара дІа а буьгура, тхуна цара талораш а дора, тахана а ма-даккхара, сийсаза а дохура. Тхан къиноша тхуна дуьхьал тоьшалла дахь а, ва Веза Эла, Хьайн цІеран дуьхьа гІо дехьа тхуна. Тхан ямарта хилар дукхазза а хилла. Хьуна дуьхьал къинош летийна оха. Хьо сашортехь бехачу хенахь, Ас хьоьга дІахьедира, амма ахьа ладугІур дац элира. Хьо къона долчу хенахь дуьйна а ахьа ла ца дугІура Аса бохучуьнга. Цо соьга элира: «Адаман кІант! Ас хьо Исраилан халкъ долчу вохуьйту. Цу аьрхачу халкъо Суна букъ берзийна. Таханлерчу денна тІекхаччалц уьш а, церан дай а, Суна дуьхьал а буьйлуш, лелаш бу.
Выбор основного перевода