Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун чІагІъелла куралла йохор ю Ас, стигало догІанан тІадам а лур бац шуна, латта, тІулг санна, чІагІлур ду шун. ДогІанан метта, Везачу Эло чан лур ю шуна, стигалара шуна тІеоьгур ю иза, шу хІаллакьхилла дІадовллалц. Эхь хетий те царна шаьш лелош долу боьха хІума бахьана долуш? Ца хета. Жимма а эхь хетта, цІий ца ло уьш шаьш летийна долу къинош бахьана долуш. Массо а санна, уьш а хІаллакьхир бу. Нахана таІзар дан Со вахча, Аса лаьттах тухур бу уьш», – боху Везачу Эло. Эхь хетий те царна шаьш лелош долу боьха хІума бахьана долуш? Ца хета. Жимма а эхь хетта, цІий ца ло уьш шаьш летийна долу къинош бахьана долуш. Массо а санна, уьш а хІаллакьхир бу. Нахана таІзар дан Со вахча, Аса лаьттах тухур бу уьш“», – боху Везачу Эло. Ткъа Исраилан халкъо хьоьга ладугІур дац, хІунда аьлча цунна Соьга ладогІа а ца лаьа. Дерриг а Исраилан халкъ атта къар ца луш а, чІогІа дегнаш долуш а ду.
Выбор основного перевода