Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аша дІалохкуш долчу халкъаша шайн деланашна Іамал еш йолу ерриге а меттигаш – лекхачу лаьмнаш тІера, баьрзнаш тІера, муьлххачу а дІасадаьржина гаьннаш долчу диттана кІелара – йохаяй дІаяха. Иза кІело йина Іаш волу талорхо санна ю, цуьнан леларо божаршна юкъахь йолу ямартло алсамйолуьйту. Аса шу токхечу лаьтта тІе схьадалийра, цуьнан ялта а, дика хІуманаш а шуьга яийта. Амма аша, схьа а даьхкина, Сан латта бехдира, Сан долахь долчух аша дегаза меттиг йира. «Дукха хан ю хьан дукъ ахь кагдина, тоххарехь хьан буржалш а хадийна. Ахьа бохура: „Хьуна муьтІахь хир вац со!“ Бакъду, муьлххачу а лекхачу гуна тІехь а, хІора луьста гаьннаш долчу диттана кІелахь а, кхахьпаллица кхечу деланашна Іибадат дора ахь. хІора майданна тІехь ахьа хьайна кхахьпаллин цІа а до, цІушна Іамал ян меттиг а кечйо. ХІора некъ болалучохь а кечйина ахьа и меттигаш, хьайн хазаллин сий а дойуш. И хазалла ахьа, хІора тІех мел волу боьрша стаг хьайга схьаверзо гІерташ, хІаллакйора, хьайн боьха лелар сов а доккхуш.
Выбор основного перевода