Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Масала, цхьаъ, зуда а ялийна, цуьнан майра хилира, ткъа цул тІаьхьа, цуьнца доьзна долу эхье хІума а карийна, иза цунна ца езаелира. Цунах дІасакъастарх лаьцна йозанца тоьшалла а дина, иза цуьнга дІа а делла, цо и зуда шен цІенна тІера дІайохуьйту. И зуда, цуьнан цІенна тІера дІа а яхана, кхечуьнга маре яха мегар ду. Амма, масала, иза шолгІачу майрачунна а еза ца еллехь, цуьнца дІасакъастарх лаьцна йозанца тоьшалла а дина, цуьнга дІа а делла, и зуда шен цІа чуьра арахоьцу. Я, масала, и шолгІа майра дІакхалха мега. ХІета, цуьнан дуьххьарлера майра хиллачу стеган иза шена юхайига бакъо яц, иза бехъелла дела. Шун Везачу Далла хьалха иза дегаза хІума ду. Шайн Везачу Дала шуна дола луш долу латта сийсаз ма даккха». «Дукха хан ю хьан дукъ ахь кагдина, тоххарехь хьан буржалш а хадийна. Ахьа бохура: „Хьуна муьтІахь хир вац со!“ Бакъду, муьлххачу а лекхачу гуна тІехь а, хІора луьста гаьннаш долчу диттана кІелахь а, кхахьпаллица кхечу деланашна Іибадат дора ахь. Цул тІаьхьа, Мисар-махка а яхана, хьайначу хьайн лулахочуьнца а лийлира хьо цигахь, нахаца лелар сов а доккхуш, хьо бахьана долуш йолу Сан оьгІазалла сов а йоккхуш. Кхечаьрца леларх ца Іабарна, хьо ашурхошца лела йолаелира. Цаьрца леллачул тІаьхьа а, хьо царах а ца Іебира. ТІаккха совдегархойн латта долчу Хашад-махкана хьо хьайн кхахьпаллица тІейирзира, амма цунах а хьо ца Іебира. ХІинца ахь, Закри-ЯхІу, нахе иштта дІаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Суна тІедерза, тІаккха Со а шуьгахьа воьрзур ву.
Выбор основного перевода