Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аша дІалохкуш долчу халкъаша шайн деланашна Іамал еш йолу ерриге а меттигаш – лекхачу лаьмнаш тІера, баьрзнаш тІера, муьлххачу а дІасадаьржина гаьннаш долчу диттана кІелара – йохаяй дІаяха. «Ас дІахьедина долу хІара дерриге а дешнаш – шу декъалдарх а, шуна неІалт кхайкхорах а лаьцна долу – кхочушхилча, шун Везачу Дала шу дІасадаржийначу халкъашна юкъахь аша уьш дагадаийтахь, шу а, шун бераш а доллучу дагца, доллучу синца шайн Везачу Далла тІе дерзахь, Цуьнан озе аша ладогІахь, тахана ас шуна тІе-ма-диллара, тІаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахІоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дІасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. Нежнашна юкъахь а, хІора луьстачу дитта кІелахь а цІушца боьзна болчу хьарамчу лаамех дуьзна ду шу. Татолашна йистехь а, тархашна кІелахь а берашна арсаш хьоькхуш ду шу. «Дукха хан ю хьан дукъ ахь кагдина, тоххарехь хьан буржалш а хадийна. Ахьа бохура: „Хьуна муьтІахь хир вац со!“ Бакъду, муьлххачу а лекхачу гуна тІехь а, хІора луьста гаьннаш долчу диттана кІелахь а, кхахьпаллица кхечу деланашна Іибадат дора ахь. Исраилан халкъ, хьайн когашка мачаш ма йохаяйта, хьайн къамкъаргана хьогалла ма гайта, кхечу деланашна тІаьхьа а уьдуш. Амма ахьа элира: „Са ма тийса! Суна кхечу къаьмнийн деланаш беза, со царна тІаьхьа лелар ду“».
Выбор основного перевода