Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Тешаме доцурш, Со волчу юхадерза! – боху Везачу Эло, – Со шун олахо ма ву. Аса, хІора гІалара цхьацца стаг а, иштта хІора тайпанара шишша стаг а схьа а эцна, шу Цийон-лам тІе дуьгур ду. Аса хьуна могушалла юхалур ю, хьан чевнаш а тойийр ю, – боху Везачу Эло, – хІунда аьлча хьан мостагІаша боху: „Цийон юхатеттина ма ю, цунах цхьаммо а гІайгІа ма ца бо“». Цхьа де догІур ду, гІаролхоша Эпрайм-лаьмнашкара дІакхайкхор деш: „ХьалагІовтта, вайн Веза Дела волчу, Цийон-лам тІе хьаладевр ду вай“». Наха иштта боху: «Дуьйло, вешан Везачу Элана тІедерза вай. ХІунда аьлча Цо вай лаза а дина – Цо вайна дарба а дийр ду. Цо йина вайна чевнаш – Цо уьш дІа а йоьхкур ю. Ашур-махке тхо кІелхьардахалур дац. ТІеман динна тІе тхо кхин ховшур дац. Тхан куьйгаша йинчу хІуманех оха кхин эр дац „тхан деланаш“, хІунда аьлча байлахь болчаьрга къинхетам Хьоьгахь бен бац».
Выбор основного перевода