Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нах шайн делан цІа а, Дибон-гІала а йолчу богІу, уьш сагІа доккхучу гунашна тІе хьалабовлу, цигахь белхархьама. Муабин халкъо тийжам бо Набу а, Мейдеба а гІаланех. Церан массеран а кортош дІалергина ду, массеран а мажош дІаяьшна ю. Зудаберана шен жовхІарш диц ца ло. Нускална шен доьхка а диц ца ло. Амма Сан халкъана Со диц ца даллал дукхазза вицлора. Белха а боьлхуш, уьш схьабогІур бу, доІанаш а деш, ткъа Аса уьш юхаберзор бу. Хишна уллохула, аттачу некъаца дІабуьгур бу Аса уьш, церан когаш а тийсалур бац. Аса буьгур бу уьш, хІунда аьлча Со Исраилан Да ву, ткъа Эпрайм Сан дуьххьарлерниг ву».
Выбор основного перевода