Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаьхьарчу деношкахь иштта хир ду: Везачу Элан цІа лаьтташ болу лам массо а лаьмнийн коьрте дІахІоттор бу. Иза массо а баьрзнел лакхабер бу, цунна тІе дерриг а халкъаш оьхур ду. Иштта, Соьга хьоьжуш хІордан йистера халкъаш ду, ткъа царал хьалха Таршашан хІордкеманаш ду, генара шун кІентий цІа балош догІуш долу. Цара дахьаш дети а, деши а ду Везачу Элан, хьан Делан, Исраилан халкъан Везачу Делан дуьхьа, хІунда аьлча Цо хьан сий айина. Аса, Везачу Эло, элира: «Суна шуьца Сайн кІенташца санна хила лаьара. Шуна дика латта дала лаьара суна – кхечу къаьмнийн долчул а хаза долу. Суна моьттура аша Сайх Да а олуш, шу кхин цкъа а Сох дІадоьрзур дац. Бакъду, цара Соьга ла ца дуьйгІира, Сан дешнаш цара тергал ца дора, уьш шайн лаам тІе бевллера, шайн аьрхачу а, вочу а дегнаша бохург бен ца деш. Цара Суна букъ берзийнера, шайн яххьаш кхечу агІор а ерзийна. Уьш, шайн аьрхачу деган некъ а лехна, БаІал-харцделанашна тІаьхьахІиттира, шайн дайша шайна ма-хьеххара». Амма шун дайша Соьга ла а ца дугІура, Со тергал а ца вора. Мелхо а, шайн вочу дегнийн аьрхалле хьаьжжина лелара уьш. Аса царна тІедиллина и барт кхочушбе аьлла, амма цара иза кхочуш ца дина. Цундела Аса массо а хІокху бертан таІзарш царна тІехьажийра“». Далла лерина долу оха дина деза цІа дуьххьара дуьйна хьалаайина йолу Іарш санна ду.
Выбор основного перевода