Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Дукха хан ю хьан дукъ ахь кагдина, тоххарехь хьан буржалш а хадийна. Ахьа бохура: „Хьуна муьтІахь хир вац со!“ Бакъду, муьлххачу а лекхачу гуна тІехь а, хІора луьста гаьннаш долчу диттана кІелахь а, кхахьпаллица кхечу деланашна Іибадат дора ахь. Бакъду, цара Соьга ла ца дуьйгІира, Сан дешнаш цара тергал ца дора, уьш шайн лаам тІе бевллера, шайн аьрхачу а, вочу а дегнаша бохург бен ца деш. Цара Суна букъ берзийнера, шайн яххьаш кхечу агІор а ерзийна. Церан берашна массо а ханна дагаоьху шаьш кечйина йолу сагІа доккху меттигаш а, Ашера-далла лерина болу шайн дечиган бІогІамаш а. Ма „хаза“ дІахІиттийна бу уьш баьццарчу дитташна уллохь а, лекхачу гунаш тІехь а,
Выбор основного перевода