Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІушаІа паччахьалла до уьссалгІа шо долуш дІалецира Ашур-мехкан паччахьо Шамран-гІала. Исраилхой, Ашур-махка дІа а бигна, Хьалахь-гІалахь а, Газун-кІоштахь долчу Хьабур-хина йистехь а, Мадай-мехкан гІаланашкахь а баха охьаховшийра цо. ЯхІудхоша а ца лардора шайн Везачу Делан весеташ. Цара а леладора исраилхойн Іадаташ, исраилхоша дийрриг а деш. Иштта боху Везачу Эло: «Мичахь ду шун ненан дІасакъастаран кехат, Ас иза дІайохуьйтуш цуьнгахь хилла долу? Я Сайна духалург ахча деллачух хьанна доьхкина Ас шу? Шу доьхкина ду, шайн къинош бахьана долуш. Шун зуламаш бахьана долуш, дІаяхийтина ю шун нана. Цуьнан жимаха йолу йиша УхІулибат и дерриг а гуш яра, амма цунна нахаца лела лаар кхин а чІогІа гена даьллера, иза шен йишел а чІогІа нахаца лелаш яра. Гомара, юха а берах а хилла, йоІ йина. Везачу Эло ХІушаІе элира: «Цунна, „Къинхетам цабинарг“ (Ло-Рухьама) алий, цІе тилла, хІунда аьлча Исраилан халкъах Аса кхин къинхетам а бийр бац, цунна геч а дийр дац. Везачу Эло элира: «Цунна, „Сан халкъ дац“ (Ло-Іами) алий, цІе тилла, хІунда аьлча шу Сан халкъ а дац, Со шун Дела а вац. ТІаккха цара Цуьнга хаьттира: «Ткъа Мусас тІе хІунда диллина, дІасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла зудчуьнга дІа а лой, цуьнца дІасакъаста аьлла?»
Выбор основного перевода