Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу дийнахь Везачу Эло юха а Шен куьг дІакховдор ду Ашур-махкара а, Мисар-махкара а, ПатІрус-махкара а, Хуша-махкара а, Іейлам-махкара а, ШанІар-махкара а, Хьамат-гІалара а, хІордан йистехь дехаш долчу къаьмнашкара а Шен халкъах дисина дакъа, мах а бина, юхадало. Везачу Эло кхечу къаьмнех болчу нахана байракх хьалаойур ю, шайн махкара дІалаьхкина исраилхой схьагулбийр бу, Ша дІасабаржийна яхІудхой дуьненан еа а маьІІера схьакхойкхур бу. Эпрайман хьагІ а дІаер ю, ЯхІудан мостагІалла дІахедар ду. Эпрайман ЯхІуде хьагІ хир яц, ЯхІуда Эпраймана мостагІалла лелор дац. Эпрайман а, ЯхІудан а къам, малхбузехьа а дахана, пІелаштамхошна тІелетар ду, малхбалерчу халкъийн хьал схьадоккхур ду цара. Эдоман а, Муабин а къаьмнаш цара эшор ду, ткъа Іамминан халкъ муьтІахь хир ду цушинна. Мисаран хІордана хи чукхета меттиг якъор ю Везачу Эло. Морцучу мохаца Цо, тІехула Шен куьг а лаьцна, Эпрат-хи, ворхІ татол а дина, доькъур ду. Цу татолех, кІархаш а буьйхина, дехьавалалур ву. ТІаккха Ашур-махкахь дисинчу Цуьнан халкъан декъана боккха некъ хир бу, ша Мисар-махкара арадолучу хенахь Исраилан халкъана иза хиларе терра. Мелхо а Исраилан халкъ къилбаседехьарачу махкара а, массо а Ша уьш дІабахийтина долчу латтанашкара а юхадерзийначу дийна волчу Везачу Элах чІагІо йийр ю цара. Церан дайшна деллачу лаьтта тІе юхаберзор бу Аса уьш». Къилбаседерачу махкара Аса схьабалор бу уьш, дуьненан йистошкара Аса схьагулбийр бу уьш. Цаьрца цхьаьна бІаьрзениг а, астагІниг а, берах ерг а, бер деш ерг а хир ю. Йоккхачу тобанца уьш юхабоьрзур бу кхуза. «Оцу деношкахь, и хан тІекхаьчча, – боху Везачу Эло, – Исраилан къам а, ЯхІудан къам а, цхьаьна доьлхуш лелар ду, шайн Веза Дела а лохуш. ТІаккха яхІудхой а, исраилхой а цхьаьнакхетар а бу, шайна юха а куьйгалхо дІа а хІоттор ву цара. Уьш шайн лаьттара хьалакхуьур бу, хІунда аьлча ИзраІалан де сийлахь хир ду!» Ас шайн лаьтта тІе охьаховшор бу исраилхой. Уьш кхин Ас царна деллачу лаьтта тІера лелхийна лелор бац», – боху хьан Везачу Дала.
Выбор основного перевода