Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Адамийн уьтталгІа дакъа лаьтта тІехь дисахь а, мохк юха а багийна хир бу. Амма ножах, хадийча, лаьттахь юьхк йисаре терра, цу халкъан йисначух деза хІу хир ду». Исраилхой, шаьш сел чІогІа дуьхьалдевллачу Далла тІе юхадерза! Хьо Кхоьллинарг ву хьан майра – Цуьнан цІе массо а ницкъийн Веза Эла ю. Хьо ПаргІатъяьккхинарг Исраилан халкъан Веза Дела ву, Цунах дерриге а лаьттан Дела олу. «Оцу деношкахь, и хан тІекхаьчча, – боху Везачу Эло, – Исраилан къам а, ЯхІудан къам а, цхьаьна доьлхуш лелар ду, шайн Веза Дела а лохуш. Цара Цийон-ломана тІе боьдуш болу некъ хоьттур бу, цу агІор дІа а хьоьжуш, уьш цига гІур бу. Схьа а баьхкина, массо а ханна болу, цкъа а бицлур боцу барт а беш, шаьш Везачу Элаца боьхкур бу цара. Гуттаренна а Сайна тІеерзор ю Аса хьо. Нийсо а, бакъдерг а, хедар боцу безам а, къинхетам а баларца Сайна ерзор ю Аса хьо. Цу дийнахь иштта хир ду, – боху Везачу Эло, – Аса стигалан дехарна жоп лур ду, цо а лаьттан дехарна жоп лур ду.
Выбор основного перевода