Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса ойла йира, ша лелош дерг лелийна яьллачул тІаьхьа, иза Со волчу юхайоьрзур ю аьлла, амма иза юха ца йирзира. Цо динарг тешаме йоцучу цуьнан йишина ЯхІудан халкъана гира. Шамран-гІалано ахьа диначул ах а вон ца дина. Хьо ю дегаза хІуманаш деш царал а тІехъяьлларг. Хьоьца нисбича, хьан йижарий цІена хета. Хьо нахала яккхар кхидІа а ла, ахь хьайн йижарий цІена хетийтина дела. Цара летийначу къинойл ахьа мел летийнарг сов дегаза хиларна, уьш хьол цІена хийтира. ХІинца эхь хетарна, цІий а луш, юьхьІаьржачу а хІоьттина лела хьайна, ахь хьайн йижарий цІена хетийтина дела».
Выбор основного перевода