Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Муьлхха а левихо, ша Іийначу гІали чуьра Исраилан мехкан мичча а меттера дІа а вахана, Везачу Эло къастийначу метте шен деган лаамца ван йиш йолуш ву. Цигахь Везачу Элана Іамал еш болу шен вежарий левихой санна, шен Везачу Далла гІуллакх деш иза велахь, вукху левихоша санна, цхьатерра дакъа схьаэца йиш ю цуьнан, шен ден бахам боьхкина эцначул совдаьккхина». Ткъа левихойх лаьцна аьлча, Исраилан халкъ туьлучу хенахь уьш а, Суна уллора дІа а бевлла, шайн цІушна тІаьхьа а хІуьттуш, тилабелира. Шаьш лелийнарг бахьана долуш царна таІзар дийр ду. Левихой Сан цІийнан кертахь хир бу езачу меттиган кевнаш лардархьама а, кертахь гІуллакх дархьама а. Цара дийнаташ дагоран сагІанашна а, кхидолчу сагІанашна а лерина долу дийнаташ дойур ду адамашна. Цара адамашна гІо а дийр ду, царна гІуллакх а дийр ду. Амма шайн цІушна хьалха адамашна гІуллакх дарехула левихоша Исраилан халкъ гал а далийтира, цуьнга къинош а летадайтира. Цундела Аса хьалаайинчу куьйгаца чІагІо йира, – боху Хьалдолчу Эло, – шаьш лелийнарг бахьана долуш царна таІзар дийр ду аьлла. Динан дай санна Суна гІуллакх дан уьш Суна улло богІур бац, иштта тІекхевдар бац еза мел йолчу хІуманашна – уггар дезачу сагІанашна. Шаьш мел лелийна долу боьха хІума бахьана долуш юьхьІаьржачу хІиттина лелар бу уьш. Ас уьш хІиттор бу Делан цІа лардан а, цІийнан керташкахь дан дезаш мел долу хІума дан а.
Выбор основного перевода