Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Изза дира Юши-ЯхІус Маннаш-мехкан а, Эпрайм-мехкан а, ШимІа-мехкан а гІаланашкахь а, царна гонах долчу къапалгашкахь а, ур-атталла Наптал-махкана тІекхаччалц. Берриг а Исраил-махкахула йолу сагІа доккху меттигаш а, Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш а дохийна дІадехира, цІуйх а чан йира, хаза хьожа йогІу хІума яго гІирсаш а бохийра Юши-ЯхІус. ТІаккха иза Ярушалайме юхавирзира.
Выбор основного перевода