Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІадукъ-ЯхІу, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Рабила-гІала схьавалийра. Цигахь цунна кхел йира. Уьш берриш а паччахьан гІаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Бавелан паччахьна тІе Рабила-гІала дІабигира. Хьамат-гІалин махкахь йолчу Рабила-гІалахь Бавелан паччахьо, уьш байа аьлла, омра дира. Иштта яхІудхой шайн махкара йийсаре дІабигира. Ярушалаймехь паччахьалла дечуьра ЯхІу-Ахьаз дІаваьккхира мисархойн паччахьо. Наху-пирІуно гІуда далар тІедожийра ЯхІуд-махкана. Иза дара ши бІе пунт дети а, ши пунт деши а. Хьамат-махкарчу Рабила-гІалахь Бавелан паччахьо, уьш байа аьлла, омра дира. Иштта яхІудхой шайн махках бехира, йийсаре дІа а бигина.
Выбор основного перевода