Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІаала берриг а исраилхошка: хІокху беттан уьтталгІачу дийнахь хІораммо а цхьацца Іахар я буьхьиг эца шен доьзална. Нагахь санна Іахар баа ца баллал доьзал жима белахь, шена уллорачу лулахочуьнца юкъахь схьаэца и Іахар. Шайн доьзалхошка хьаьжжина, цхьа Іахар массарна а кхаччал декъало. Іахар боьрша а, цхьа а сакхт доцуш а, цхьа шо кхаьчна а хила беза. Іахар я буьхьиг а мегар ю. Кху беттан дейтталгІа де тІекхаччалц иза Іалашбан беза. Цу дийнахь, суьйренан бода тІебеача, массо а доьзалехь кечбина болу Іахар бен беза. И Іахар буун болчу цІеношкахь неІаран гуран шинне агІор а, неІаран дукъо тІе а Іахаран цІий хьакха. Цу буссехь цІера тІехь деттина Іахаран жижиг дІадаа деза аш. Иза къаьхьачу бецашца а, совсазчу баьпкаца а даа деза. Цунах датта далаза диснарг а ма даа, я кхехкийнарг а ма даа. Корта а, когаш а, чоко а дІа а ца йоккхуш, цІера тІехь даттий, дІадаа иза. Іуьйре хилале цунах хІумма а ма дита, амма дуьсуш хилахь, сахилале цІера тІехь дагаде диснарг. И кхача буучу хенахь шу тІе хІума юьйхина хила деза, юкъ а йихкина, когахь мачаш а йолуш. ХІума сихонца яа еза аш. Некъан Іаса карахь хила еза шун. Иза Везачу Элан Пасахь ду. «Цунна билгалъяьккхинчу хенахь Исраилан халкъе Пасахьан дезде даздайта. Цу беттан дейтталгІачу дийнахь, суьйранна, оцу гІуллакхна билгалъяьккхинчу хенахь, цуьнан массо а парзашка а, тІедехкинчаьрга а хьаьжжина, кхочушделаш иза». Мусас Исраилан халкъе дІахаийтира Пасахьан дезде даздан дезар. Везачу Эло Ша Іайтархьама къастор йолчу меттехь, шун Везачу Далла лерина долу Пасахьан сагІа санна, шайн жех я бежанех цхьана дийнатна урс хьакха. Цуьнан жижигца совсийна хІума ма яалаш. ВорхІ дийнахь совсоза баьпкаш даалаш цуьнца, баланийн долу баьпкаш, хІунда аьлча шу сиха арадевллера Мисар-махкара. Даалаш и баьпкаш, дуьнен чохь шу мел деха шаьш арадовлар шайна диц ца далийта. ВорхІ дийнахь шун махкахь цхьанхьа а совсуьйту цхьа а хІума каро ца еза. Хьалхарчу дийнахь, суьйранна, сагІа даккха, ткъа жижигах долу цхьа а дакъа Іуьйренга ма далийта. Шун Везачу Дала шайна лун йолчу гІаланийн цхьанна а чохь Пасахьан сагІина лерина долчу дийнатна урс хьокхийла дац шун. Шун Везачу Дала Ша Іайтархьама къастор йолчу меттехь бен Пасахьан дийнатна урс ма хьакхалаш, сарахь, малх дІабузучу хенахь, шун дай Мисар-махкара арабевллачу хенахь. Шун Везачу Дала къастор йолчу оцу меттехь дийнатан жижиг кхехка а делаш, иза даа а даалаш. Ткъа шолгІачу дийнахь шайн четарш чу юхадерза йиш ю шун. Ялх дийнахь совсаза долу баьпкаш даа, ткъа ворхІалгІачу дийнахь шайн Везачу Далла беза гулам дІахІоттабе. Оцу дийнахь цхьа а болх ма бе». Ярушалайм-гІалахь Везачу Элана лерина Пасахь олу дезде даздира Юши-ЯхІус. Хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнахь дезачу денна лерина сагІина беанчу Іахарна урс хьаькхира. Юши-ЯхІус динан дай дІахІиттийра шайн-шайн гІуллакх дечу меттигашка. Церан дегнаш иракарахІиттадора цо Везачу Элан цІийнаца доьзна долу гІуллакхаш дарна. Берриге а исраилхошна хьехамаш беш болчу а, Везачу Элана дІакъастийна болчу а левихошка паччахьо элира: «Исраилхойн паччахь хиллачу Даудан кІанта Сулима дІахІоттийначу Везачу Элан цІа чохь охьахІоттаде Делан деза тІорказ. ХІинца дуьйна иза дІа а, схьа а лело дезар дац аша. ХІинца дуьйна вайн Везачу Далла а, Цуьнан халкъ долчу Исраилан халкъана а гІуллакх де аша. Исраилхойн паччахь хиллачу Дауда а, цуьнан кІанта Сулима а, яз а дина, дІахІоттийна ма-хиллара, шайн доьзалшца а, шайн тобанашкахь а дІахІитта. Шайн къомах болчу гергарчийн доьзалшкара хІорра а декъана гІо дархьама, Делан цІийнан кертахь левихойн доьзалех цхьацца тоба дІахІоттае. Пасахьана лерина беанчу Іахарна урс хьакха кечам бе. ЦІандаларца шаьш даз а дайтина, Везачу Эло Мусагахула аьлларг кхочуш а деш, и Іахар шайн вежаршна кечбе». Цигахь хиллачу къомах болчу нахана жена юкъара ткъе итт эзар Іахаррий, буьхьиггий елира Юши-ЯхІус, царах Пасахьан сагІанаш дахархьама. Иштта кхо эзар сту а белира цо. И дерриг а дийнаташ паччахьан хьолан юкъара схьадеанера. Паччахьан баьччанаша а шайн дегнийн лаамца халкъана а, динан дайшна а, левихошна а сагІина хІума деара. Делан цІенна тІехь куьйгалла деш хиллачу Хьалкхи-ЯхІус, Закри-ЯхІус, Яхьиала динан дайшка Пасахьан сагІина ши эзар ялх бІе Іахар белира. Кхин а кхо бІе сту а белира цо. Левихошна тІехь куьйгалла деш волчу Ханан-ЯхІус а, цуьнан вежарша ШамІа-ЯхІус а, Натунаила а, Хьашби-ЯхІус а, иштта ЯІиала а, Юзабдис а белира Пасахьан сагІина лерина пхи эзар Іахар а, буьхьиг а. Иштта пхи бІе сту а белира цара. Цара делларг левихошна лерина дара. Иштта дІахІоттийнера и гІуллакх дар. Динан дай шайн гІуллакх дан дІахІиттира. Левихой а, паччахьо шайна тІедиллина ма-хиллара, шайн тобанашкахь гІуллакх дан дІахІиттира. Пасахьана лерина болчу Іахаршна урс хьаькхира. Левихойн карара Іахарех даьлла цІий, схьа а оьцуш, динан дайша церан цинцаш тухура. Ткъа левихоша тІера цІока схьайоккхура. Дагоран сагІа санна даха лерина долу дийнатийн дакъош дІакъастийра левихоша, тІаьхьо халкъан доьзалийн тобанаша уьш, Мусан тептар тІехь яздина ма-хиллара, Везачу Элана сагІина дахийтархьама. Изза дира цара стерчашца а. Хьехамаша тІедиллина ма-хиллара, Пасахьан Іахар цІартІехь беттира. Ткъа даздина долу сагІина деанарг даккхий еш чохь, кхабанаш чохь, кедаш чохь, кхехка а деш, сихонца халкъана дІадийкъира. Цул тІаьхьа шайна а, динан дайшна а кечдира цара сагІина деанарг, хІунда аьлча АхІаронан тІаьхьенах болу динан дай буьйсанна тІаьххьалц Іийнера дагоран сагІанаш а дохуш, кхечу сагІанийн мохь а ягош. Цундела шайна а, АхІаронан тІаьхьенах болчу динан дайшна а кечъеш яра левихоша юург. Дауда а, Асайпа а, ХІаймана а, Дауд-паччахьна лерина Делера дерг гуш волчу Ядутун-пайхамаро а шайна тІедиллина ма-хиллара, Асайпан тІаьхьенах болу зурманчаш шайн гІуллакх дан билгалъяьхначу меттигашка дІахІиттийра. Иштта хІора кевнан гІаролхо а вара шен-шен меттехь лаьтташ. Церан вежарий болчу левихоша кечйора царна оьшург, цундела уьш шаьш гІуллакх деш болчуьра меттахбовла оьшуш дацара. Иштта дІахІоттийнера цу дийнахь Везачу Элана лерина гІуллакх дар. Иза дІахІоттийнера, Юши-ЯхІу-паччахьо тІедиллина ма-хиллара, Пасахьан сагІа даккхар кхочушдархьама а, Везачу Элана лерина болчу кхерчана тІехь дийнаташ дагоран сагІа даккхархьама а. Цу хенахь цигахь болчу исраилхоша Пасахьан дезде а даздира, ткъа цул тІаьхьа ворхІ дийнахь совсазчу баьпкан деза денош даздира цара.
Выбор основного перевода