Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІудалкх чуьра схьа а ваьккхина, цуьнан долахь йолчу кхечу гІудалкхана чу виллира цара Юши-ЯхІу. Иза Ярушалайме дІавигира. Цигахь Юши-ЯхІу велира, иза шен дайн къуббанашкахь дІавоьллира. ЯхІуд-мехкан а, Ярушалайм-гІалин а дерриг а халкъо белхар хІоттийнера Юши-ЯхІуна. ЯхІуд-мехкан халкъо Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Ахьаз, схьа а эцна, Ярушалаймехь шен ден метта паччахь вина дІахІоттийра. ЯхІу-Ахьазан ткъе кхо шо дара, иза паччахь хилла дІахІуттуш. Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, цо кхаа баттахь паччахьалла дира. Ярушалаймехь паччахьалла дечуьра ЯхІу-Ахьаз дІаваьккхира мисархойн паччахьо. Наху-пирІуно гІуда далар тІедожийра ЯхІуд-махкана. Иза дара ши бІе пунт дети а, ши пунт деши а. ТІаккха ЯхІу-Ахьазан ваша Элъякъим ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дІахІоттийра. Ткъа Элъякъиман цІе пирІуно хийцира, цунах ЯхІу-Якхам а олуш. Амма Элъякъим, дІа а лаьцна, Мисар-махка дІавигира Нахус.
Выбор основного перевода