Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аьлла-кх Ахьа: „Сан цІе кху чохь хир ю“. Доьху Хьоьга, хьажадойла Ахьа Хьайн бІаьргаш хІокху цІенна тІе дийнахь а, буса а! ЛадугІийла Ахьа Хьан лай волчун доІане, иза, хІокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь. Веза Эла чІогІа оьгІазвахара исраилхошна. Цо уьш Шена уллора дІатеттира. ЯхІудан цхьа тайпа доцург, царах цхьа а ца висира! Иштта, Везачу Эло дІатеттира дерриг а Исраилан халкъ. Цо дуккха а баланаш тІе а бахкийтира цунна, талорхойн кара дІа а белира уьш. ТІаьххьара а Шена гучуьра дІа а бехира Везачу Эло исраилхой. Ашурхойн паччахьо исраилхой Ашур-махка дІабигира. Хьалахь-гІалахь а, Хьабур-хина йистехь йолчу Газун-гІалахь а, мадайхойн гІаланашкахь а баха охьаховшийра цо уьш. Айса Шамран-гІалина дуьхьал лелийна терза а, Ахьаб-паччахьан цІенна охьайиллина санисбийриг а Ярушалайм-гІалина а дуьхьалйоккхур ю Аса. Адамо, цІан а йина, Іункар хІоттош йолу пхьегІа санна, цІанйийр ю Аса Ярушалайм. Аса Сайн долахь долчу халкъах бисинарш буьтур бу, уьш мостагІийн кара дІа а лур бу. ХІонс санна хир ду и адамаш церан мостагІашна.
Выбор основного перевода