Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан цІийнан шинна а кертахь стигалшкахь мел болчу ницкъашна сагІа доккху кхерчаш дІахІиттийра цо. ТІаккха Юши-ЯхІу-паччахьо омра дира, динан коьртачу дега а, вукху динан дайшка а, Везачу Элан цІийнан кертарчу гІаролашка а, оцу кертахь цІу-деланашка БаІална а, Ашерана а, стигалшкахь мел болчу ницкъашна а Іамал еш дІахІоттийна мел йолу хІума араяккха аьлла. Юши-ЯхІу-паччахьо и ерриг хІуманаш Ярушалайм-гІалина арахьа йолчу Кхидрун-тогІи чохь ягаяйтира, ткъа уьш ягийча бисина болу чим Бетал-гІала дІабаьхьира. Везачу Элан цІийнан кертахь Ашера-цІунна боьгІна болу бІогІам Юши-ЯхІу-паччахьо арабаккхийтира. Ярушалайм-гІалара ара а баьккхина, Кхидрун-тогІи чохь багийра иза. Ткъа йисинчу хІуманех чим бина, иза цІеяхана боцучеран къуббанашна тІехула дІасабаржабайтира цо. Ярушалаймера цІенош а, яхІудхойн паччахьийн цІенош а – шайн цІенойн тхевнашна тІехь стигалийн ницкъашна кІур тоьхна а, кхечу деланашна чагІаран сагІанаш даьхна а долу массо а цІенош – Тупат санна, Далла хьалха боьха хир ду“». Цунна тІелеташ болчу хашадхоша, гІалина чу а баьхкина, гІаланах цІе а латийна, иза ягор ю. Шайн тхевнашна тІехь БаІална хаза хьожа йогІу хІума ягорна а, кхечу деланашна чагІаран сагІанаш дахарна а, наха Со оьгІазвахийтина массо а цІенош шаьш дагийна хир ду. Тхевнна тІе хьала а ваьлла, стигалшкахь мел болчу ницкъашна сужда ваханарг хІорра а хІаллаквина дІавоккхур ву Ас. Веза Эла волчу Суна Іибадат а деш, тешаме хила чІагІо а еш, амма шайн паччахьах чІагІонаш йийраш а хІаллакбина дІабохур бу Ас.
Выбор основного перевода