Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара йина старгІа схьа а эцна, иза яга а йина, цунах бухадисина дерг, ахьа а аьхьна, хи чу тесира Мусас. Юха и хи исраилхошка дІамалийтира цо. Шайн Везачу Далла аша дІахІоттор болчу сагІа доккхучу кхерчана уллохь Ашера-далла лерина болу цхьа а дечиган бІогІам ма хІоттабелаш БаІал-деланашна лерина йолу сагІа доккху меттигаш а, царна тІехула хІиттийна хаза хьожа йогІу хІума яго гІирсаш а бохабайтира цо. Иштта Ашера-далла лерина болу дечиган бІогІамаш а, кхиболу цІуш а, дина суьрташ а доха а дина, царах чан а йина, цІушна сагІа даьккхинчеран къуббанаш тІехула дІасаяржийра цо.
Выбор основного перевода