Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ЯхІудхойн паччахьо Маннаша дегаза долу къинош летийнера. Шел хьалха хиллачу эмархоша лелийначул а сов зуламаш леладора цо, ткъа шен цІушца яхІудхошка къинош летадайтира цо. Везачу Элан лаамца хилира и дерриге а ЯхІудан халкъаца, иза Шена дуьхьалара юхататтархьама. Везачу Эло иза дира Маннаш-паччахьо дукха къинош леторна а, цо сийсаза долу гІуллакхаш дарна а, иштта цо бехк боцу дукха адам хІаллакдарна а. Маннаш-паччахьо Ярушалайм-гІала цу нехан цІийх юзар бахьана долуш, цунна гечдан ца лиира Везачу Элана. Дуьненан массо а кхечу пачхьалкхашна ирча масал дина дІахІоттор ю Аса Ярушалайм, яхІудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхІун кІанта Маннаша динарг бахьана долуш.
Выбор основного перевода