Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахьаш вовшахлата схьабаьхкира, канаІанхойн паччахьаша тІом бира. ТаІнакахь, МагІиддан хиш долчохь, и хилла, амма дато хІонс ца кхечира царна цигара. Хилларг а гина, яхІудхойн паччахь Ахьаз-ЯхІу Байт-ХІаган-гІалина тІебоьдучу новкъа тІехула дІаиккхира. ЯхІус, гІудалкх цунна тІаьхьа а хохкуш, элира: «Иза а, вей, дІаваккха шен гІудалкхана тІехь». ИбалІам-юьртана юххехь йолчу Гур олучу метте Ахьаз-ЯхІус шен гІудалкх лаьллича, цунна чов йира цара. Ахьаз-ЯхІу, МагІидда-гІала дІа а кхаьчна, цигахь велира. Цуьнан тІеман хьаькамаша, иза Ярушалайме а ваьхьна, шен къубба чохь, цуьнан дай дІабоьхкинчу Даудан гІалахь дІавоьллира. Цул тІаьхьа, Юши-ЯхІус Делан цІийнаца долу низам дІахІоттийначул тІаьхьа, мисархойн паччахь Наху Эпрат-хин йистерачу КІаркамиш-гІалина уллохь тІом бан вахара. Ткъа Юши-ЯхІу цунна дуьхьал тІом бан аравелира. Нахус Юши-ЯхІуна тІе геланчаш бахийтира цуьнга иштта дІаала аьлла: «Суна а, хьуна а хІун ду иза, яхІудхойн паччахь? ХІинца со хьуна дуьхьал тІом бан вогІуш вац, ткъа соьца тІом латтош йолчу пачхьалкхе вогІуш ву. Дала, сихо е аьлла, тІедиллина суна. Соьца волчу Далла дуьхьало ма е, хьо Цуьнга ца вейтархьама». Амма Юши-ЯхІус, иза волчуьра дІаваха дагахь а воцуш, шен духарш хийцарца ша мила ву къайладаьккхира, цунна дуьхьал тІом бархьама. Делан омрица Нахус аьллачу дешнашка ла а ца дугІуш, Юши-ЯхІу МагІидда олучу аренга веара тІом бан дагахь. Мисархоша Юши-ЯхІу-паччахьна тІе пхерчий кхиссира. ТІаккха Паччахьо шен хьаькамашка элира: «ДІавигалаш со кхузара, хІунда аьлча суна чІогІа чов хилла». ГІудалкх чуьра схьа а ваьккхина, цуьнан долахь йолчу кхечу гІудалкхана чу виллира цара Юши-ЯхІу. Иза Ярушалайме дІавигира. Цигахь Юши-ЯхІу велира, иза шен дайн къуббанашкахь дІавоьллира. ЯхІуд-мехкан а, Ярушалайм-гІалин а дерриг а халкъо белхар хІоттийнера Юши-ЯхІуна. И хаам Мисаран къомах а, Мисаран паччахь волчу Наху-пирІунан эскарх а лаьцна бу. Цуьнан эскар Эпрат-хина йистехь лаьттачу КІаркамиш-гІалина уллохь эшийнера. Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара Наху-пирІунан эскар эшийра яхІудхойн паччахь волу Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Якхам паччахьаллехь волчу доьалгІачу шарахь. ХІара бара оцу эскарх лаьцна Везачу Элера болу хаам: Цу дийнахь Ярушалайм-гІалахь хІуттур долу белхар, МагІидда-арахь йолчу ХІадад-Римун меттехь хилла белхар санна, доккха хир ду.
Выбор основного перевода