23
ТІеман массо а хьаькамна а, церан нахана а хезира, Бавелан паччахьо Гадал-ЯхІу мехкан куьйгалхо дІахІоттийна аьлла. ТІаккха уьш МицІпа-гІала бахара Гадал-ЯхІуна тІе. Уьш бара: Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал, Къаьрхьин кІант Йохьан а, натІупатхо волчу Танхьуматан кІант Сари-ЯхІу а, маІхахочун кІант Яъзан-ЯхІу а, церан нах а.