Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Весет а деш, Мусас иштта элира: «ВорхІ шо чекх мосазза долу, декхарш гечдаран шарахь, кхалорийн дезачу деношкахь, берриге а исраилхой шун Везачу Далла хьалха дІахІитта баьхкича, хІара товрат-хьехам массо а исраилхошна дІахозуьйтуш, Везачу Эло къастор йолчу меттехь дІабешалаш. Схьагулделаш халкъ: божарий, зударий, бераш, шун гІаланашкахь хин болу шуна тІебогІун берш а. ЛадогІийта цаьрга, Іамийта уьш шун Везачу Деле ларамах дуьзна хила а, хІокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдайта а. ХІара хууш доцу церан бераш а, хІара дІа а хезна, шайн дола даккхархьама Йордан-хих шу дехьадовлучу хІокху лаьтта тІехь шу мел деха, массо а дийнахь шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила Іемар ду». Латта дега а дира, ласта а лестира. стигалийн баххаш меттах а девлира, дега а дира, Дела оьгІазвахана дела.
Выбор основного перевода