Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бавел-мехкан паччахьо Ярушалайм-гІалахь керла паччахь дІахІоттийра. Иза вара ЯхІу-Яхинан ден ваша волу Матан-ЯхІу. Матан-ЯхІун цІе а хийцина, ЦІадукъ-ЯхІу аьлла, цІе тиллира цунна Бавел-мехкан паччахьо. ТІаккха ЯхІу-Ахьазан ваша Элъякъим ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дІахІоттийра. Ткъа Элъякъиман цІе пирІуно хийцира, цунах ЯхІу-Якхам а олуш. Амма Элъякъим, дІа а лаьцна, Мисар-махка дІавигира Нахус. Везачу Эло яхІудхойн паччахь волчу Юши-ЯхІун кІантах Шалумах (шен да волчу Юши-ЯхІул тІаьхьа паччахь а хилла иза, кху меттера йийсаре дІавигна а ву) лаьцна иштта боху: «Иза цкъа а кху метте юхавоьрзур вац. Иза мисархоша ша дІавигначу меттехь лийр а ву, цунна хІара мохк кхин гур а бац». Царах цхьаъ йоккха хилла, цунах нуьцкъала лом хилла. Иза шена ижу лаха Іемина, ткъа цо адамаш, цеста а цоьстуш, доура. Халкъашна цунах лаьцна хезира, тІаккха цара иза ор чу а эккхийтина, цунах чІагарш чекх а яьхна, Мисар-махка дІайигира. Паччахьан кертара хьаькамийн коьртачу куьйгалхочо церан цІераш хийцира. Даниалх – Бел-Ташацар элира, Хьанан-ЯхІух – Шадрак элира, Мишаалах – Мешак элира, ткъа Іазар-ЯхІуна Іабди-Нага боху цІе тиллира.
Выбор основного перевода