Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла воцучу, кхечу деланашна сагІа доккхург хІаллакве. ТІаккха Эли-ЯхІус цаьрга элира: «Схьалаца БаІалан пайхамарш! Царах цхьа а дІа ма вахийта!» Уьш схьалийцира. Эли-ЯхІус уьш, Къишун-хи тІе а бигна, цигахь байира. ТІаккха махкарчу дерриг а халкъо, БаІал-харцделан цІа а дахана, и цІа дохийра. Цара БаІалан сагІа доккху кхерчаш а, цІуш а бохийна дІабехира. Иштта БаІалан динан да волу Матани а вийра цара сагІа доккхучу кхерчашна хьалха. Цул тІаьхьа динан дас ЯхІу-ЯдаІа Везачу Элан цІенна ха дан нах дІахІиттийра. Харц динан дайн даьІахкаш церан сагІа доккху меттигашкахь яга а йина, цІанбира Юши-ЯхІус ЯхІуд-мохк а, Ярушалайм а.
Выбор основного перевода