Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мулка-далла сагІа даккха хьайн бераш дІа ма ло, хьайн Делан цІе иштта сийсаз ма е. Со Веза Эла ву. Шайна улло ма вита шен кІант я йоІ цІергахь дагош верг, пал тосуш верг, жинашца тайнарг, эвлаяъ, бозбунчалла лелош верг, Тапухьа-гІалина тІера малхбузехьа Кхана-хина тІе а доьдий, хІорда тІехь чекхдолура доза. Иштта дара Эпрайман тайпанан гаранашна делла долу дакъа. Дукха хенахь дуьйна Тупат цІе йолу меттиг кечйина ю, цигахь цІе латорхьама. И меттиг Ашуран паччахьна лерина ю. Иза кІорга а, шуьйра а ю. Цу цІерга туьллуш алссам дечиг ду, иза йоккха хилийта. Везачу Эло мох тоьхча, саьмгал санна, хьалалетар ю иза. Бен-ХІинам-тогІи чохь йолчу Тупатахь цара сагІа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кІентий а, зудабераш а дагорхьама. И хІума Аса царна тІе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. Цундела, варелаш! – боху Везачу Эло, – тІекхочур ю цхьа зама, адамаша хІокху меттиган Тупат, я Бен-ХІинам-тогІи аьлла, цІе йоккхур йоцу. Кху меттиган цІе Байаран ТогІи аьлла хир ю, хІунда аьлча шайн байина болу нах цара кхузахь дІабухкур бу, кхузара меттиг чекхъяллалц. цаьрга дІаала: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: ХІара къам а, хІара гІала а юха меттахуттийла доцуш, кхаба йохош санна, дохор ду Ас. Белларш Тупатехь а дІабухкур бу, кхечу меттехь уьш дІабохка меттиг ца хиларна. И хІума дийр ду Аса кху меттигна а, цуьнан бахархошна а, – боху Везачу Эло. – ХІара гІала Тупатах тарйина дІахІоттор ю Аса. Ярушалаймера цІенош а, яхІудхойн паччахьийн цІенош а – шайн цІенойн тхевнашна тІехь стигалийн ницкъашна кІур тоьхна а, кхечу деланашна чагІаран сагІанаш даьхна а долу массо а цІенош – Тупат санна, Далла хьалха боьха хир ду“». Делера болу хаамаш бан Везачу Эло ша вахийтина йолчу Тупатера Ярми-ЯхІу юхавирзича, иза, Делан цІийнан керта а вахана, дерриге а халкъе вистхилира:
Выбор основного перевода