Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
амма вайна а пайденна ду: вайн Веза Эла волу Іийса веллачуьра Денвинчух вай тешна дела, Шена хьалха вай а бакъдина лорур ду Дала. Везачу Эло ишттачунна гечдийр дац, амма Везачу Элан оьгІазлонан а, дераллин а цІе ер ю ишттачу стагана. Кху тептар тІехь яздина долу дерриге а неІалташ цунна хир ду. Везачу Эло цуьнан цІе а дІайойур ю лаьтта тІера. Хьо оьгІазвахча, йогучу пешах тарбийр бу Ахь уьш. Ша оьгІазваханчохь Везачу Эло хІаллакбийр бу уьш, цІеро буур бу уьш. Дуткъачу кІадинан бедарш йолчу стаге Везачу Эло элира: «Каруб-маликашна бухахь йолчу хьийзачу чкъургашна юккъехула чекх а валий, канаш юззий, каруб-маликашна юкъара догуш долу кІегий схьа а эций, уьш гІалина тІе дІасакхисса». Со хьоьжучу хенахь и стаг дІавахара. Цунна хьалха кхераме цамгар йогІу. Цуьнан гІулчашкахь Іожаллин ун лела. хІунда аьлча «вайн Дела массо а хІума дІахьулъеш йолу цІе ю».
Выбор основного перевода