Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІуд, хьан вежарша хастор ву хьо, хьан куьг мостагІийн яьІнаш тІехь хир ду. Хьан вежарий хьуна хьалха охьатаьІар бу. Сайх болу кхерам хьол хьалха дІабохуьйтур бу Ас, ткъа муьлхха а хьо тІедахана халкъ дохийна хьовзор ду. Хьан мостагІий, дІа а берзийтина, хьуна хьалхара бовдуьйтур бу Ас. ТІаккха цаьрга баккъаш берзабойтур бу Ахь. Хьайн секхаІодаца пхерчий кхуьссур ду Ахьа царна тІе. Цара лелийначу зуламех Цо бекхам бийр бу, цара динчу вонна Цо уьш хІаллак а бийр бу. Вайн Везачу Дала уьш хІаллакбийр ма бу!
Выбор основного перевода